Сан исбаьхьа Нохчийчоь!
Мичара бу те хьо, нуцкъала, сийлахь мохк? Х1унда бу хьо сан дагна сел хьоме, бух боцуш мерза а, гергара а? Х1а-а, кхийти со! Хьо-м сан Даймохк ма бу! Даймохк! Х1ун хир ду ша лоруш долчу адамна оцу дешал ч1ог1а дог хьостуш дош?
Сан мерза Нохчийчоь, сунна хаьа, хьан орамаш б1ешерийн къайленехь хьулделла дуй. Хаьа, хьан кхоллам хилла боцийла атта. Амма ца кхаьчна цхьанне а ницкъ хьо къарйан а, йожо а. Хьан кхиамна а, дебарна а т1е болу некъ чолхе а, халонех буьззина хила. Деган 1ийжамца доьша ас сайн хьомечу къомана т1ех1иттина хиллачу инзаречу баланех лаьцна. Дозалла дарца, йоккхайерца ойла йо нохчийн йахь йолчу турпалчу к1ентийн, ц1еначу, оьздачу йоь1арийн. Аренашка, лаьмнашка б1аьрг бетташ дуьхьал туьйсу тайп-тайпана суьрташ: машаре дахар, т1еман алу, хало, атто… Берриг синкхетам т1ебахийтина г1оьрта т1екхиа - муха йехаш хила-те Нохчийчоь со дуьненчу йалале? Суна дуккха а хаьа сайн махках лаьцна, цуьнан кхолламах, исторех лаьцна. Ма дукха халонаш 1аьвшина, ма хийла х1иттина доьхна денош т1е! Масозза кхирстина сан Даймехкан турпалчу дег1а т1ехула т1еман ц1е! Амма х1оразза а д1ах1оьттина денъйелла, туьйранахь денло турпалхой санна.
Хьоме Нохчийчоь! Соьга х1ун далур дара - те кхин цкъа а хьуна т1еман къахь ца йовзийта? Кхин цкъа а цхьа нохчийн к1ант а, йо1 а ца делхийта, ца атийта г1аланаш, ца йагаяйта ярташ? Хеназа ца хадийта дахар, ца 1овжийта дегнаш?
Сан кхочур бу ницкъ Даймахкана беркате хила, нохчийн къомана пайда бан, цунна ирсе кхочуш г1о дан! Соьх дика хьехархо хир ю. Ас кхиор бу Нохчийчоьнна хьекъале, оьзда кегирхой. Даггара шайн мохк безаш, иза ларбан а, дебон а корматалла йолуш болу. Ас кхетор бу уьш Даймахкал деза х1ума шен сий лардеш волчунна хуьлийла доций. Ас 1амор бу сайн дешархой воккхачун сий дан, г1ийлачунна г1о дан, нохчалла лардан, вайн оьзда г1иллакхаш, 1адаташ, дезаш лерамца т1еэца. Ас дуьйцур ду цаьрга Нохчийчоьнна мел ч1ог1а оьшу сийлахь бахархой, кхиамхой, кхоллархой.
….Б1ешерийн геналлера схьахеза шовзткъе пхиъ шарахь лаьттинчу Кавказан т1еман аз, луьрачу 1944 шеран 23 февралехь нохчийн г1ийлачу, цхьа бехк боцчу къомана т1е беанчу 13 шарахь бахбеллачу инзаречу баланан аз, цул т1аьхьа лаьттинчу т1емийн ирча ц1окъ. Дуьхьал туьйсу оцу т1аьххьара хиллачу т1амех лаьцна баккхийчара дийцина, телевизор чохь гина а, цхьаццанхьа дешначуьнан суьрташ. …Нохчийчоь, бодано хьарчийна… Сингаттамна хьере хилла, доьхна, г1аддайна къам… Г1елоно эшийна, халоно, т1амо б1арздина, дан амал доцуш диссина г1ийла адамаш… Дог диллина машарх, парг1атонах , дуьненах… Саццаза д1абоьлхаш т1емаш, татолах тарделла 1енаш ц1ий… Деле кхойкхуш, орца доьхаш гатделла турпала нохчийн къам … Дала жоп делира оцу даггарчу до1анашна… Дукха шерашкахь Нохчийчохь лаьтташ болу бода боькъаш, бохош, машаре болу сирла некъ кховдош хьалхавелира шен къомана Ахьмад-Хьаьжа Кадыров, Нохчийчоьнан дуьххьара паччахь… Суна х1ун хаьа-те сайн къоман духхьарчу сийлахьчу паччахьах лаьцна? Со декхарийлахь ю сайн махкан истори йовза а, цуьнан турпалхой бовза а! Суна хаьа, вайн дуьххьарлерачу паччахьан дахар хилла дуй бусулба динан нийсачу новкъахь, Далла 1амал ярца а, шен къомана ц1енчу даггара г1уллакх дарца а! Дукха шерашкахь йахъелла Нохчийчуьра т1еман къахь сацо а, д1аяккха ницкъ кхечира Ахьмад-Хьаьжи Кадыровн… Иза тахана вайна юкъахь вац, амма цо йитина сирла, ц1ена лар цкъа а йовр яц… Массо а заманчохь, мел д1аихарх шераш, къомо вицвир вац шен турпалхо, шена машаре, серлоне болу некъ гайтина волу. Ткъа кхочуш хиллий те вайн дуьххьарчу паччахьо сатийсина хиламаш? Тахана муха йехаш ю те Нохчийчоь? Ойланца б1аьрг туху ас Даймахках, цуьнан г1аланех, йартех, толлу, дусту долш дерг дукха хан йоцуш д1адаханчуьнца. Х1ун ду суна гонах гуш дерг? Дено-дено толуш, кхуьуш исбаьхьа Нохчийчоь… Парг1ате, ирсе сан бералла, рицкъанах, беркатах буьззина мохк, машаре денош, буьйсанаш… Ц1ена урамаш, лекха, ша тайпа хаза куьцаш дина г1аланаш. Самукъане белар кегирхойн йаххьаш т1ехь… Дешаран, белхан меттигаш… Кхуьуш, толуш спорт, театраш… Айдеш нохчийн къоман г1иллакхаш, 1адаташ…Тидам а, безам а сан бераллега. Даггара сан кхане ирсе йан г1ертар… Хила а хиллий-те цкъа, х1окху мел хьежарх к1ордор доцчу, куц хазачу махкахь цхьа т1ом а? Мел 1аламат х1ума ду, туьйранахь санна, цхьа к1еззиг хена чохь х1ара гуш долу исбаьхьа, дог хьостуш и токхе деш, шатайпа сурт х1оттор Нохчийчохь! Хилла кхочуш нохчийн дуьххьарчу паччахьан Кадыров Ахьмадан-Хьаьжин сатийсам! Цуьнан цхьа а шеко яц! Ас даггара баркалла олу сайна а, сайн нийсарошна а машаре, самукъане бералла, ц1ена, хаза Даймохк, ирсе тахане, са парг1ат кхане еллачунна. Дика хаьа суна сайн ден- ненан, церан мог1аречеран бералла ца хиллий- иза яйина, йохийна д1аяьккхира къизачу т1емаша. Хаьа, цара лайна халонаш, эшамаш мел к1оргера хилла! Цундела, ас ч1ог1ачу лерамца, йоккхаерца тидам бо тахана Нохчийчохь долчуьнан.
… Сан хьомсара Нохчийчоь! Жима елахь а, хьоьх хадаран къахь суна а хиъна! Хьан марзо мел бух боцуш к1орга ю кхетта со! Цхьа хан йаккха дийзира сан а хийрачу махкахь. Хийра мохк… Ма шийла ду и дош, ма генара ду, дог шелдеш, г1елъйеш ойла… Массо а, хетарехь, оьшуш долу х1ума дара сан: х1усам, йаа-мала, т1ейуха х1ума. Хаза сурт дара гонах гуш дерг… шен махкахь волчунна - лекха г1аланаш, тайп-тайпана туьканаш, сирла 1алам. Амма и шадерриг сунна оьшуш дацар-кх. Со кхеташ дацара-кх, генара, хийра, даго т1е ца лоцуш дара. Ас барам боцуш сагатдора сайн Даймахкана, цуьнан шатайпачу 1аламна, олхазарийн эшаршна, сайн къоман ц1енчу, мукъамечу нохчийн маттана… Сан тахана цхьа а шеко яц – дуьненчохь цхьане а адамна Даймахкал гергара а, хьоме а меттиг хуьлийла дац! Олуш ма ду: «Даймохк боцу адам т1ам боцчу олхазарх тера ду».
Со ирсе ю, сайн махкахь йаха со парг1ат йолуш! Дозалла до со х1окху дуьненчохь уггаре тоьллачу, сийлахьчу, йахь, доьналла долчу къоман йо1 йолуш! Нохчийн йо1!
Йухур йоцу ч1аг1о йо сайн махкана а, халкъана а пайде хила…